
Дийцаре дина Соьлжа-ГӀалахь керла йечу хӀусамийн комплексашна газаца кхачойаран гӀуллакх.
Йуьйцучу комплексашна йукъа бахархоша йеш йолу долара хӀусамаш а, инвестицийн чоьтах йеш йолу дукхапетарийн комплексаш а йоьлху.
Оцу балхана лерина цхьаьнакхетар хилла Соьлжа-ГӀалин мэран Кадыров Хас-Мохьмадан а, «Газпром межрегионгаз Грозный» йукъараллин коьртачу директоран Лечхаджиев Анваран а.
Цигахь билгалдаьккхина ма-хиллара, карарчу хенахь Соьлжа-ГӀалахь йолу газан сеташ цӀинйарехь а, хийцарехь а къахьега лерина а йу газан компани.
Цул сов, бахархойн хӀусамийн дозанашка кхаччалц газ маьхза тӀейигаран программа кхочушйаран болар а лахдийр долуш дац цо.