
Республикерчу медицинин хьукматийн куьйгалхошца жамӀийн кхеташо дӀайаьхьна Могашалла Ӏалашйаран министра Алханов Адама.
Шен къамелехь цо билгал ма-даккхара, медицинин декъехь баккхий кхиамаш белахь а, медицинин хьукматийн белхахой цомгашчаьрга хьажарца доьзна дуккха а кхачамбацарш ду.
Йа со, йа шайн гергара нах тӀелоцур болччу тӀегӀанехь тӀелаца везаш ву аш хӀора а цомгашниг.
© министр Алханов Адам
Иштта, цомгашчаьрга хьажар керлачу шарахь дуьйна хийцаделла хила дезарна тӀе тидам а бахийтина Алханов Адама.
Цул сов, тӀекхочуш долчу мукъачу деношкахь а бахархойн хьелашка а хьожуш, республикин могашалла Ӏалашйаран системо саццаза болх бийр болуш хилар билгалдаьккхина цо.
Шайн белхан декхарш кхачам боллуш кхочушдеш цахиларна, медицинин цхьамогӀа хьукматийн куьйгалхой ша балхара дӀабаьхьна хилар а циггахь хаийтина министра.