
НПХьУ-н Технопаркехь довзийтина нохчийн маттахь долу Ӏаморан ловзар — «berbeg.ru«.
«Берашна а, бегашийна а» цӀе йолчу оцу online-ловзаран гӀоьнца Ӏамалур бу нохчийн мотт.
Нохчийн къоман историн а, культурин а башхаллаш йукъалоцуш долу и ловзар 8 дакъа а долуш ду: 1) Доьзал; 2) ЦӀа; 3) Беш; 4) Хасбеш; 5) Хан-зама; 6) Беснаш; 7) Абат; 8) Терахьаш.
Дидактикин online-ловзар «Росмолодежан» грантах дина ду.
Оцу декъехь гӀо-накъосталла дина Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университето а, Соьлжа-ГӀалин мэрин Дешаран департаменто а.