
НР-н Бусалба динан урхаллин хьашташна «Лада Гранта» 25 машен дӀайелла Кадыров Рамзана.
Иштта совгӀат динарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд йу.
Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, Делан дин даржорехь а, тӀекхуьуш долу чкъор ийманехь кхетош-кхиорехь а, маслаӀаташ дарехь а доккха дакъа дӀалоцуш бу динан векалш.
Цул сов, терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторан декъехь а жигаралла гойтуш бу уьш.
Иштта, махкахь кхин а 10 маьждиг дийр долуш хиларна тӀе тидам а бахийтина Кадыров Рамзана.
Царна хьашто йолу майданаш НР-н Бусалба динан урхалло хӀинцале а къастийна.