Марха дастаран Iийд

АллахIу Акбар, Воккха ву АллахI-Дела. Шена муьтIахь берш айбеш, Шена Iеса берш сийсазбеш верг. АллахIу Акбар, Воккха ву АллахI-Дела, марханаш кхобучарна ял луш, цакхобучарна, таIзар деш верг. АллахIу Акбар Воккха ву АллахI-Дела. Сийлалла Делехь а, Цуьнан Элчанехь а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), ийман диллинчу нахехь а, сийсазалла шайтIанехь а, цунна тIаьхьабозучу керстачу нахехь а, Iесачу нахехь а, къинош летош болчу зуламхошкахь а ю.

АллахIу Акбар, Воккха ву АллахI-Дела, Мухьаммад уммат собаре хилла, Далла муьтIахь хилла, Рамадан беттан марханаш кхобуш ду. АллахIу Акбар, Воккха ву АллахI-Дела, бусалбанаш Къуръан доьшуш, ламазаш деш, сахуьленга бовлуш бу. АллахIу Акбар. Воккха ву АллахI-Дела, ийман диллинарш маьждигаш дузуш, ламазаш деш, Дела хьехош, Цуьнга къинхетам бар доьхуш доIанаш деш, Цо деллачу ниIматашна шукра деш бу. АллахIу Акбар, Воккха ву АллахI-Дела, бусалбанаш марханаш кхобуш, достуш. Диканехь совбуьйлуш, Дела резавеш бу.

126979_208898

АлхьамдулиллахI, Далла хастам бу, йолан, а бекхаман а Iийдан де хIоттийна волчу. Шена Iибадат деш берш резабеш волчу. Къиношна гечдеш, дикачу Iамалшна ял совйоккхуш, бусалбанийн сий деш волчу. Вай Далла хастам бо, Рамадан беттан деношкахь, даар-малар дитина, Шена муьтIахь хила вайна тавфикъ (гIо) даларна. Вай Далла шукра до, таравийхь, ламазаш дарна тIехь Цо вайн аьтто барна. Вай Цуьнга, Веза-Сийлахь Ву Иза, доьху Шен диканехь Цо вай совдахар, диканан неIарш ерриге а Цо вайна еллар, Ша хьехо а, Шена хастам бан а, Шена дика Iибадат дан а Цо вайна гIодар, нийсачу некъа тIехь Цо вай нисдар. Тхо Кхиош-кхобург, Ахь тхан дегнаш бакъдолчу динах дIа ма хьовзаделахь, Айхьа тхо нисдинчул тIаьхьа. Хьайн гергара къинхетам лолахь тхуна, баккъал а Хьо ма ву – Хьайн лешна диканиг деш. Диканиг луш. ЦIена ву АллахI, И воцург кхин Дела вац. Вай дог тешна тоьшалла до АллахI воцург кхин Дела цахиларна, Иза ша цхьаъ хиллачу хьолехь, Шен цхьа а накъост а воцуш. Iийдан дийнахь даар-малар вайна хьанал дина Цо, бусалбане шен дегIаца а, шен доьзалца а комаьрша хила аьлла омра дина, марха кхабар хIокху дийнахь хьарам дина, хьанал долчу даьхнех сагIа далар мелехь дина. Иштта вай тоьшалла до, вайн Эла Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), Цуьнан Лай а, Элча а хиларна. Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, бакъдолу дин кхайкхо а, сийлахь долу гIиллакхаш кхочушдан а халкъашна ваийтина волу. Везан Дела, къинхетам белахь, маьрша а виталахь тхан Эла Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цуьнан доьзал а, асхьабаш а, дика дарца, вуониг дитарца царна тIаьхьабозуш берш а. Мила ву дашца дика верг Делан дине кхайкхинчул а, дика Iамал йинчул а, жоьжахатех нах ларбеш кхерам тийсинчул а, ялсаманица а, Дала цу чохь кечдинчу ниIматашца а кхаъ баьккхинчул а?! АллахIу Акбар, АллахIу Акбар, АллахIу Акбар. ХIай, Делан леш! Дала, собаре хилла, марханаш кхаьбначарна, цара йинчу Iамална совбаккхарца мела лун де ду хIара, Шен дуьхьа цара диначунна, Шен лен сий-ларам бен де ду. Мархийн бутт кхаьбна, сахь-закат даьккхина, Iийда-ламазе арадевллачу шух, стигларчу маликашна хьалха дозалла деш ву Веза-Сийлахь верг. АллахIу Акбар, Воккха ву АллахI-Дела, ма самукъане бу марханаш кхаьбнарш уьш достучу дийнахь, ма самукъане хир бу уьш нахана кхераме долчу Къематан-дийнахь! Марханаш кхаьбначеран яххьаш Iийда дийнахь елаелла, екхаелла хир ма ю, Iеса болчу нехан кхоьлина хир ма ю. Дала нисвинарг а, Рамадан беттан марханаш дохийнарг а цхьатерра хир ма вац. Диканна хьакъ хилла, Дала хьалхаваьккхинарг, Дела реза вина декъалхилларг ву, важа, Далла муьтIахь волчуьра дIа а ваьлла, Делан дозанаш хедош волу зуламхо ву, бакъдерг шена гучудаьлча, цунна инкарло йинарг ву. Лекхаволчу Дала марха дастаран Iийда шарIе диллина ма дац, бусалбанийн шайн марханаш кхочушхиларца самукъадалийтархьама бен, Iийда ламаз шарIе диллина ма дац, бусалбанаш Шена хьалха дIахIиттийна, царна ял ялархьама бен, Шена муьтIахь хилларш, царна йинчу кIеззиг йолчу Iамална дуьхьал, Дала йоккха ял лур йолуш ма ю. Динехь нисбеллачу Шен лешца иштта коьмарша ву Веза-Сийлахь Верг, церан кIеззиг долчу бахьаница. Боккха мохь царна тIера боккхуш. Делан комаьршалла йоккха ю, Цуьнан къинхетам дукха бу. Бусалбанаш хIокху дийнахь баккхийбеш, вовшашка саламаш луш, марабетталуш, шайн дика Iамалш дагалоьцуш, Делера йолчу йоле сатуьйсуш бу. Амма хIокху дийнахь даар-малар, керла бедар тIеюхар бен, кхин хIума хууш боцурш, я яхана буьйса а, я тIейогIург а ца къаьсташ, динехь марзо йоцурш, царна шаьш лелочух Делера мел хир ма бац, йоккха ял яккха аьтто боллушехь IадIерна уьш дохкобевр ма бу, шаьш-шайх бехкаш дохуш, уьш холчахIуьттур ма бу. Къематан-дийнахь шайтIано цаьрга эр ду: «Шуна тIехь бакъо йолуш дацара со. Шуьга кхайкхар доцург. Аш суна жоп делира, сох бехкаш ма даха, Далла Iеса хиллачу шайн догIмех бехкаш даха».

(«ИбрахIим» сурат, 22 аят)

ХIай, бусалба нах, эрна яханчу ханна дохкодовлий, тоба дай, Далла тIедерза, Далла муьтIахь хилла, дика Iамалш ян сихо е, шаьш Цунна дуьхьалкхетале. Цхьаболу нах хуьлу Рамадан баттахь вуон мел дерг дитина, Iеса-фасикъ хилар дитина, Далла муьтIахь хилла, марханаш кхобуш, молла кхойкхуш хезча, рузбане, жамаIат ламазе баха сихо еш, Дела хьехош, Къуръан доьшуш. ТIаккха, тIаьххьара марха чекхдаьлла, Iийдан буьйса тIееача, шайтIанца берта а боьлхий, хьанал-хьарам цIена-боьха ца къастош, дихкина мел дерг, вуон мел дерг леладо цара. Оцу Делан мостагIчуьнца цхьаьна, кхийолчу ханна, Далла дуьхьал шайн Iесаллица тIом дIахьо цара. Цара деш долу зен Далла деш дац, Веза-Сийлахь верг Шен лешкара цхьана а хIуманан хьашто йолуш вац – шайн догIмашна ду цара деш долу зулам. Бакълийна Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Рамадан бутт тIебеача, ялсаманийн неIарш схьайоьллу, жоьжахатин неIарш дIакъовлу, шайтIанашна буржалш туху», – бохучу шен дашехь.

И Iеса нах ца хууш бу техьа шаьш Рамадан баттахь а, Шаввал баттахь а, цул тIаьхьа а Iибадат дийриг цхьа Дела вуй. Даима шайна рицкъа латтош, ниIматаш луш верг цхьа АллахI вуй? Декъал хир ву-кх, шайтIано бохург ца деш, шен лаамашна юхаваьлла, Далла муьтIахь хилларг: «Далла а, Элчанна а муьтIахь хила, Шайна (Делера) Къинхетам хилийтархьама»

(«Алу-Iимран» сурат, 132 аят)

ХьаьжцIа ваханчо шен хьаьж санна лардан дезаш ду марха а, ламаз а, сагIа а, Дела (С.Т.) цхьаъ хиларх, Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бакъхиларх деш долу тоьшалла а, муьлхха а ша дина долу дика хIума а. ХIорш дерриге а лардар хIун ду? Шен дикачу Iамална тIаьхьа вуон Iамал цаяр ду. Вуочу Iамало диканиг дIайоккху. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вуочу хIуманна тIаьхьа и дIадойуш долу дика хIума де аьлла. Дикачунна тIаьхьа вуон дерг дар хьекъале дац. Дика Iамал къобал хиларан билгало ю цул тIаьхьа а дика хIума дар. ХIай бусалба, хьан марха стиглана а, лаьттана а юкъахь, Дала къобал ца деш кхозуш ду хьуна, къен-миска нахана ахь сахь-закат дIадаллалц. Хьайгахь долчу ялтех, дикачух ахь сахь даьккхича, Дала къобал дийр ду иза. ХIокху Iийдан дийнахь, Далла дуьхьал хIуттуш, бедарех цIенаниг, керланиг тIеюьйхича мелехь ду, божарша дарин а, дешин а хIума ца юьйхичахьана, духарца а, леларца а божарий зударех, зударий божарех тар ца белчахьана. Вовшийн самукъадаккха а мегар ду, динах а, гIиллакхах а ца воьхчахьана. Дагца а, маттаца а, дикачу Iамалшца а Дела хьехор мелехь а, вовшашна а, меттахь бисинчу баккхийчарна а, цомгаш болчарна а, заьIапхошна а зераташ дар мелехь ду. Iеса хилар а, моттаргIанаш а, мостагIалла а дитар мелехь ду. Делах кхоьруш, гечдеш, къинтера волуш хиллачу Элчанах (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) масал эцна, вовшашна къинтIера довлар мелехь ду. Динехь а, дуьненахь а, эхартахь а бусалбанашна маршо йоьхуш, церан барт хилар доьхуш, хьалха дIабаханчу вайн бусалба вежаршна гечдар доьхуш, Деле доIанаш дар мелехь ду. Бусалба динехь вай нисдарна Далла шукра дар, хастам бар, Цуьнан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Деле къинхетам бар доьхуш, иза маьрша витар доьхуш, салаваташ дахкар мелехь ду. АллахIумма солли Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин ва саллам. Амин, Валхьамду лиллахIи Раббил-Iаламийн.

№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: