Нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIотторан денца доьзна Нохчийн Республикин Мехк-Ден, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

ДоттагIий, тахана вай билгалдоккхуш ду вайн дайн, нанойн, вежарийн, йижарийн ницкъ, доьналла, ийман, собар, къонахалла, къарцадалар гойтуш долу баккъал а доккхачу маьIне долу де – нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIоттийна де. Билггала, генарчу 1957-чу шеран кхолламан беттан 9-чу дийнахь тIеийцира кхоллам хийцаран сацам, цо таро йелира вайн халкъана дайн махка цIадерза.

Цхьа а бахьана а доцуш махках даьккхина халкъ дехачу 13 шарахь Казахстанан а, Йуккъерчу Азин а гIум-аренашкахула йаа, мала, тховкIело лоьхуш  кхерсташ лела дезаш хилира. Хийрачу махкахь мацалло, шелоно, цамгарша, дахарна-Iерна цхьана а тайпа хьелаш цахиларо 1944-чу шеран чиллин баттахь махках баьхначарах дукхахберш дахарх бехира. Дийна бисинчеран  буьрсачу зерех чекхбовла дийзира.

Вайх хIоранна дайшкара, наношкара, дедайшкара, денанойшкара хезна дог Iийжош, бIаьрг белхош долу дийцарш, хезна шаьш хьегначу баланех, Iазапех лаьцна, гергарчарах къастарх лаьцна дуьйцуш. ХIетте а, оцу йерриге а халонашка, даккхийчу зерашка хьаьжна ца Iаш, цара ларйина нохчичун цIе, лардина шайн сий, эхь-бехк, гIиллакх, ийман. Вовшашна гIо даро, барт хиларо гIо дина вайн халкъана кхолламан дерриге а тохарш лан, зерех чекхдала, денделла дIадаха.

Тахана вай дегалазамца дагалоьцу дай баьхначу махка цIаберза ирс ца хилла нохчий. Цуьнца цхьаьна вай вешан иэсехь ларбо йерриге а халонех йуьхькIай чекх а бевлла, даймахка цIа бахкаре сатийсарх дог ца дуьллуш хиллачаьрга болу сий-ларам. Веза-Сийлахьчу АллахIа къинхетам бойла царах!

Вайна къаьсттина мехала ду бакъо меттахIоттийна долу, нохчийн халкъ харцонца бехке дина хилар дIадаьккхина долу хIара де.

Ас даггара декъалбо вайн республикера бахархой нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIотторан денца! Даггара лаьа машар, синтем, аьтто, зазадаккхар хуьлийла!

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: