Кхиазхой а, мехкарий а Iилма Iамош бу

Кху деношкахь Шеларчу «Хадж-Аюб» цIарахчу хьуьжарера мутаIеламаш цIахийцира. Оцу хьуьжарехь 2014–2015-чуй шерашкахь вовшахкхетта пхи бIе мутаIелим. Царах ах зудабераш дара. «Таджвид» бакъенашца Къуръан деша а, нийса ламаз эца а, дан а Iамийна царна. МутаIеламашна хьалха ша дечу къамелехь оцу хьуьжаран директора Умаров Аюба дуьйцу: «Шу санначу кегийрхоша а, мехкарша а Iилма Iаморе хьаьжжина кхуьур ду вайн республикехь Ислам дин. Iилма Iама мел до а, ийман чIагIлур ду шун. Коьртаниг, къар а ца луш, мелла а Iамо гIортар ду. Бусалба дин довзаре терра хир ду шун дахар а. Иза хууш верг гIиллакх долуш, адам дезаш, нахана юкъахь лела хууш, Дала хьарам динчух ларлуш хир ву».

HHHHHH

 Аюба дийцарехь, и хьуьжар схьайиллина 1988-чу шарахь. Цу хенахь дуьйна хьуьжаре цигахь Къуръан деша а, нийса ламаз дан а Iамийна лаххара а 10000 стаг.

«Тхан кхузарчу мутаIелимаша дакъалоцу 2011-чу шарахь дуьйна хIора а шеран 4-чу майхь вайн регионехь дIахьочу гуманитарни «Алимун» цIе йолчу олимпиадехь. Цигахь хьалхара меттиг яьккхина Такаев Мохьмад-Къурайша а, Даудов Якъуба а. Иштта, 2014-чу шарахь хьалхара меттигаш ехира Баштаров Аюба, Каимова Марема», – дуьйцу, Аюба.

Карарчу хенахь хьуьжаре Iилма Iамо бераш ду кхузахь дIаоьцуш. Директора дийцарехь 2016-чу шарахь дешна бевр бу мутаIелимаш. Церан тобанашна юкъахь бархI йоI а хир ю. Зудаберех, Iелам ю ала мегар долуш цкъачунна цхьа а яьлла яц кхузахь.

Делан къинхетамца, вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш шорлуш бу вайн махкарчу Iеламнехан гуо. Цо хьелаш кхуллу дерриге а дикачу белхашна. Цундела, денна а бохург санна хазлуш, толуш ду вайн дахар. Совбуьйлуш бу Iилманца гергарло долу кегийрхой а.

«Со-м жима вара хIинца а. Кхуьур ву со Iилма Iамо, ламазаш дан, зуькаре, маьждиге лела а» – аьлла, дагадаийта мегар дац жимачо. ХIокху дуьнен чохь тахана верг, кхана дIаволуш меттигаш хуьлу. Iожалло жимий, воккхий ца къеставо шен хан тIекхаьчча.

МутаIеламаш каникулашна цIахоьцуш дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь, уьш вуон мел долчух ларбалийтархьама царна дуккха а хьехамаш бира Умаров Аюба. Иштта дика а, тIехдика а доьшуш болчу мутаIеламашна грамоташ елира. Уьш бу: А.Садулаева, Р.Хажбеков, И.Агаев, А.Ахмадов, М-Э.Баштаров, Р.Джабраилов, С.Закаев кхиберш.

МутаIеламаша даггара баркалла  элира, директорна Умаров Аюбана а, хьехархошна а.

 

МАТАГОВ Исхан

Авторан сурт

№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: