2023-чу шарахь Нохчийчохь цIерах 139 адам кIелхьарадаьккхина

2023-чу шарахь Нохчийн Республикехь 1277 цIе йаьлла, цуьнах кIелхьарадаьккхинарг 139 адам дара. Иштта хаам Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллехь.

ЦIе йийларш дукха хьолахь нисделла ду хIусамаш чохь. Церан коьрта бахьанаш нислора тоькан гIирсашца лелон йеза кхерамазаллин бакъонаш талхор. Уггаре а дукха цIераш йийлина Соьлжа-ГIалахь а, Гуьмсан а, Хьалха-Мартанан а кIошташкахь а, ткъа уггаре а кIезиг – Шуьтан а, Итум-Кхаьллан а, Шаройн а, Веданан а кIошташкахь.

Ведомствехь хаам барехь, цIераш йийларан терахь лахдахаран Iалашонца республикехь дIахьош профилактикин боккха болх бу. Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин белхахоша боккха тидам тIебахийтина берашна оцу декъехь йолу кхерамазаллин бакъонаш дIахьехарна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: