Палестинерчу мухIажаршна хIусамаш йан йолийна Соьлжа-ГIалахь

Соьлжа-ГӀалин Висаитовн кӀоштахь Палестинерчу мухӀажаршна дукхапетарийн цӀенош даран болх дӀаболийна.

Мероприятехь дакъалецира Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана а, иштта кхиболчу официальни наха а. Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира, Палестинерчу мухӀажаршна дерриге хьелаш кхуллуш хилар.

«Оха шун дуьхьа мел оьшуш долу хьелаш кхуллур ду. Со тешна ву, шу хӀокху республикехь дика дехарг хиларх а. Таханлерчу дийнахь дуьйна вай дӀаболош бу дукхапетарийн цӀенош даран болх, тӀейогӀучу хенахь и болх дӀа а боьрзур бу. Кхузахь оьшуш долу хьелаш долуш ду: ишкола а, берийн беш а. Ул-уллехь дехаш хилча, шуна а паргӀата а, атта а хир ду. Тхан дегайовхо йу, кеста Палестинехь долу ирча хьал дӀадоьрзург хиларх а, цигахь маршо а, паргӀато а дӀахӀуттург хиларх а», — элира Кадыров Рамзана.

Поселкана йукъадогӀур ду дукхапетарийн 5 цӀа. Царна чохь хир йу 35 петар.

Иштта мероприятин гурашкахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолчу йукъараллин фондан цӀарах хӀора а доьзална 100 эзар сом ахчанаш делира.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: