Курманьязова Аринин нанас баркалла аьлла Кадыров Рамзанна

Аштаркхенан областан Камызяк гIаларчу Курманьязова Аринин нанас, шен йоьIан лаам кхочушбарна, баркалла аьлла Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Рамзанна.

«Суна даггара баркалла ала лаьа Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Рамзанна керлачу шеран мукъачу деношкахь Соьлжа-ГIала йан лууш йолчу сан йоьIан Курманьязова Аринин лаам кхочушбарна. Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь Керлачу шарна леринчу даздарехь хилира тхо, Соьлжа-ГIалахула экскурсеш а йеш, деза совгIаташ дира тхуна. Ткъа иштта, баркалла ала лаьа Нохчийн Республикин Мехк-Ден гIоьнчина, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министрана Дудаев Ахьмадна, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхарчу заместительна Абдулмуслимов Сайд-Селимна, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн департаментан директорна Мунаев Сурхона, Арахьарчу зIенийн отделан коьртачу говзанчина Юшаева Хедина.

Тхо даккхийдеш ду иштта дика тIелацарна а, тхайна хьошалла дарна а. Даггара баркалла ду шуна КурманьязовгIеран доьзалера», – билгалдаьккхина йоьIан нанас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: