
Нохчийн Республикин бахархоша даккхийчу маьждигашкахь Тахаджуд-ламазаш до ГIаззера бахархой мостагIех, таIзарех кIелхьарабахар доьхуш. Цунах лаьцна иштта йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграмерчу шен каналехь.
«Ирча къизалла йу мостагIаша Палестинан бахархошна тIехь лелош ерг, вуьшта аьлча адамаш хIаллакдеш бу уьш – бераш, зударий, баккхий нах. Вайн республикин бахархоша даккхийчу маьждигашкахь Тахаджуд-ламазашкахь Деле боьху Палестинан бахархой а, иштта доьху Украинехь тIеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу вайн вежарий толамца цIаберзор», – йаздина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.