Шуна хаьий….

Дуьнен чохь вехаш 1,6 млрд. бусалба стаг ву. Кхин 16 шо далале церан барам 35 процент совбер бу. 2030-чу шарахь, говзанчаша дийцарехь, дуьнен чохь  2,2 млрд. бусалба стаг хир ву.

***

Дуьнен чохь болчу бусалба нахах 62 процент – Азин, Тийначу океанан регионашкахь бехаш бу, 20 процент бен бац Герггарчу Малхбалехь а, Къилбаседа Африкехь а.

***

Уггаре а дукха бусалба нах Индонезехь белахь а, герггарчу хенахь церан барам совбер бу Пакистанехь.

***

Шена чуйогIуш 74 филиал йолу «Edible Arrangements» кафен сеть кхоьллинарг ву Iамаркан бусалба вахархо Фэрид Тарик.

***

Ирландехь дукхах болчу наха лелош дерг бусалба дин ду.

Калифорнерчу Беркли гIалахь йолу гуманитарни колледж, исламан буха тIехь кегийрхой Iамош йолу дуьххьарлера дешаран заведени ю. Дукха хан йоццуш цигахь арахецна дуьххьарлера говзанчаш.

***

Х-чу бIешарахь бусалба хирурга аль-Захравис кхоьллина хиллачух тера ю кхузаманахьлерчу хирургин гIирсийн куц-кеп.

***

1985-чу шарахь дуьххьара космосе ваханчу бусалба стага масийтта стереотип йохийна. Иза вара СаIудера султан.

***

2006-чу шарахь дуьххьара космосе яхана бусалба зуда. Иза ю Иранан хьалхара турист.

***

2007-чу шарахь Къуръан дуьххьара ингалсан матте даьккхинарг ю Бэктиэр Лэлех.

***

Бусалба йоI Икбал Аль Ассаэд уггаре а къона лор ю. Цуьнан 20 шо бен дац. Школа цо чекхъяьккхина 12 шо кхаьчча.

***

Чикагохь йолу Sears (Уиллис) бIов сурт кхоьллинарг Iамаркан бусалба архитектор ву.

***

Болливудерчу гIараваьллачу маэстра А.Р.Рахмана 2006-чу шарахь ислам дин тIеэцна.

***

Бусалба динехь волчу Мухьаммад Юнусана,  микрокредит а, микрофинансаш а кхиорна, стохка Нобелан преми елла.

***

Дуьнен чохь уггаре а шуьйра яьржина ю Мухьаммад цIе. Цхьаболчу историкаша-талламхоша дийцарехь, Iамарке бусалба нах баьхкина 700-чу шерашкахь Колумб Христофорал хьалха.

***

Iамаркехь йолчу махлелоран сетех уггаре а евзаш ю Нью-Йоркехь йолу Halal Guys олуш ерг.

***

Бусалба духаран мода кхуьуш хилар гойту 96 миллиард долларе кхаьчначу цуьнан индустрис. Цо шеко ца юьту, бусалба дизайнерш алсам а бовлуш, модин рынкехь хиджаб уггаре а мехала духар хилла дIахIуттург хиларан.

***

США-хь йолу «UMMA» клиника бусалба наха йина ю. Муьлххачу къомах стаг велахь а, уьш къеста а ца беш, дарба до цара.

***

Оксфордан, Кембриджан университетийн дуьххьарлерчу студенташа бусалба Iилманчаша хIиттийначу учебникашна тIехула Iамош хилла медицина а, хими а, астрономи а.

***

Албанехь бехаш болчу нахах 90 процент бусалба бу.

Б.ДУДАЕВА

 № 78, шинара, 14 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: