
2023-чу шарахь Нохчийн Республико «Могашалла Iалашйар» къоман проектан гурашкахь берриге а гайтамашкахула 100 процентана болх кхочушбина. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин могашалла Iалашйаран министерствехь.
Бан безачу белхан планал хьалха а йаьлла Нохчийн Республика, масала, карарчу шарахь эца лерина болу медицинин гIирсаш а, автотранспорт а дIадаханчу шарахь эцна йара.
Ведомствехь билгалдаьккхира, «Могашалла Iалашйар» къоман проект Нохчийн Республикехь 2019-чу шарахь дуьйна кхочушйеш хилар.