Россин спецназан университетехь дIабаьхьира Путин Владимирна кхаьжнаш гулдаран болх

Россин Федерацин Президентан 2024-чу шеран харжамашкахь Путин Владимирна оьшучу кхаьжнийн кехаташ вовшахтохаран болх бу Нохчийн Республикехь дIахьош. Цуьнан гурашкахь цу тайпана болх Россин спецназан университетехь а дIабаьхьира. Цунах лаьцна хаам бира Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграмерчу шен агIонехь.

Цигахь дакъалецира университетан инструкторша а, белхахоша а, «ВОИН» тIеман-спортан кечаман туьшан региональни декъан декъашхоша а, иштта, Россин спецназан университетехь тIеман лерринчу операцехь шайн лаамца дакъалаца кечлуш болчара а. Царах хIораммо а хазахетарца шайн дакъа йукъадиллира оцу мехалчу гIуллакхна. Дагадоуьйту, цу тайпана акцеш кхолламан беттан 16-чу дийнахь йерриге а Россехь санна Нохчийн Республикин хIора а кIоштахь а дIайаьхьна хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: