
Республикин йукъарчу а, кхитӀедолчу а дешаран «Квант» цӀе йолчу комплексехь оьрсийн маттехула дешархойн Йерригроссин олимпиадин регионан мур дӀабаьхьира. Цунах лаьцна хаам бира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис.
Регионан мур дешархойн Йерригроссин олимпиадин кхоалгӀа мур ларалуш бу. ХӀора а шарахь цигахь дакъалоцу пачхьалкхехула 100 эзар сов дешархочо.
9,10,11-чу классийн дешархошна лерина оьрсийн маттехула предметан-методикин Коьртачу комиссис хӀиттийначу тӀедахкаршца дӀабаьхьира зиэрийн цхьа мур. Дешархошна луш йолчу хенан барам – 3 сахьт. Олимпиадехь дакъалецира 53 дешархочо.