Росгвардин а, «Ахмат-1» ОМОН-ан а бIаьхоша цхьаьна Iамораш дIадаьхтира

Росгвардин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин бIаьхоша «Ахмат-1» ОМОН-ан белхахошца цхьаьна дакъалецира Шелковски кIоштан «Бурунское» цIе йолчу дешаран туьшахь дIадаьхьначу Iаморашкахь. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграмерчу шен каналехь.

Iаморийн белхан коьртехь вара тIеман офицер, Росгвардин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхочун хьалхара заместитель Рашаев Султан. ТIеман леррина операци дIахьочохь диверсин тобанаш лахаран а, уьш дIайахаран а болх дIабахьарехь долу хаарш карла а дохуш чIагIдира белхахоша. Тактикин-леррина дарсаш дIадахьарехь уггаре а коьртачу тидамехь дара бIаьхойн тIеман лерринчу операцехь зеделларг. Цо гIо до хьалха хIиттийна Iалашонаш кхочушйарехь. Iаморийн гурашкахь мостагIийн Iалашонаш билгалйаха бIаьхоша пайдаийцира «Репей» цIе йолчу зIенан системах.

«Росгвардин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин подразделенеша кхиамца лакхадоккху тIеман а, тактикин а кечаман тIегIа. Майрра ала мегар ду-кх вайн бIаьхой шайна хьалха хIиттийна йолу тIеман муьлхха а Iалашонаш кхочушйан кийча бу, аьлла, хIунда аьлча, мел оьшург – хьелаш а, таронаш а, уггаре а коьрта – бIаьхойн лаккхарчу тIегIанан корматалла а йолуш йу» – билгалдаьккхира регионан Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: