Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районехь Пугачевн цIарахчу урамехь еш ю керла школа. Кхузара №11 йолу школа Нохчийчохь тIеман компанеш йолчу хенахь йохийнера.
Хьалха школа хиллачохь еш ю керланиг а. Шо-шаре мел дели а дешархойн барам алсамболуш хиларна хьалха хиллачул йоккха хир ю школин керла гIишло. Кхузарчу бахархошна боккха кхаъ а, башха хилам а бу хIара гIишло яр.
ГIишлошъяран участкан хьаькама Идигов Салахьа дийцарехь, дIадаханчу шеран май бутт чекхболуш долийна школа яр. Федеральни 1алашонан программица еш ю иза. СМУ-4 организаци ю кхузахь белхаш беш ерг. Ши гектар майда ю школина чулаьцнарг, ткъа гIишлоша дIалоцург 4500 сов квадратни метр ю. Ерриге а ворхI корпус ю кертахь: администрацин корпус, актови зал, пхьалг1а, лахарчу а, лакхарчу а класскашкарчу дешархошна шайн-шайна лерина шиъ дешаран корпус а, шиъ спортан зал а.
Ерриге а корпусаш х1инцачул а ши бутт гергга хьалха тхов к1ел яхана. Карарчу хенахь 90 процент белхаш бина. Чохь хьахаран, электросерий а, канализацеш а яран белхаш чекхбевлла. ХIинца отоплени, сигнализаци д1атосуш а, экъа латош а бу белхалой.
Таханлерчу дийнахь шиъ ах б1е гергга белхало ву кхузахь къахьоьгуш. Пайдаоьцуш лелош ши кирадуттург а, цхьа экскаватор а, цхьа каток а, итт кира кхоьхьу машен а ю. Оьшуш меттиг хилча техника, иштта белхалой кхин т1ебало таро а ю. Болх д1абаха хуьлуш цхьа а новкъарло яц оьшуш болу муьлхха а г1ирс шен хеннахь охьабуьллу, белхалошна алапа а шен-шен хенахь д1ало.
Карарчу шеран 15-г1а август кхачале йина ялийта езаш ю объект. Дешаран керла шо долалуш керлачу классаш чу бахийта безаш бу дешархой. Билгалйинчу хенахь белхаш бина шаьш бевриг хиларх тешна бу гIишлошъярхой .
– Тхан дукхах болу белхалой г1ишлошъярехь дуккха а шерашкахь къахьегна а, оцу декъехь алссам зеделларг долуш а бу. Х1ора белхало шена тедиллинчу декхарца кхиамашца ларош ву.
Шайн хьуьнаршца, говзаллица царах къаьсттина билгалваьлла Муцалханов Ислам, Хасанов Халид, Исаев Султан, Магомадов Шама.
Р.МУСИПОВ
Авторан сурт
№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо
