
Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан халкъан а, шен а цIарах кадам бина Донецкан Халкъан Республикин бахархошка а, куьйгалхошка а Украинин Герзашца болчу ницкъаша теракт йарца доьзна. Шен кадамехь цо билгалдаьккхина:
«Нохчийн Республикерчу бахархойн а, сайн а цIарах ас, халахетаран доккха дакъа кхачарца, кадам бо Донецкан Халкъан Республикин бахархошка Украинин Герзашца болчу ницкъаша йинчу инзаречу терактаца доьзна. Даккхий герзаш тохар бахьана долуш хIокху деношкахь Донецкехь кхелхина маьрша бахархой, оцу дийнахь шайн маьршачу гIалин урамашка арабевлла болу.
Иза йу-кх Украинерчу фашистийн-шайтIанийн Iедалан шалха, йуьхь-йуьхьана йолу сийсаза йолу бакъйолу йуьхь. Маьршачу, карахь герзаш доцчу бахархошна герзаш деттарехь йу-кха церан майралла. Кхуззахь йу йамартчу Малхбузенан шалхо, 155-чу калибран снарядаш деккъа бIаьхаллин декхарш кхочушдан а, тIеман объекташна йетта а бен луш йац бохуш йолчу.
Ас даггара халахетарца кадам бо кхелхинчеран гергарчаьрга. Чевнаш хиллачарна сихха гIоли-дарба хуьлийла, церан чевнаш йоьрзийла лаьа». Украинерчу нацисташа динчу акхачу зуламо дог Iовжийна ду нохчийн халкъ. Иза ма-дарра дIахаийтина Р.Кадыровс.
С.ХУСЕЙНОВ