Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан: Доьзалшна гIо дар йукъаралла кхиоран коьрта дакъа ду

Россин Федерацин Президента Путин Владимира официальни тIегIанехь дIадолийна Доьзалан шо Москвахь дIайаьхьначу Ерригроссин доьзалан форумехь. Иштта хаам бира Нохчийн Республикин Мекх-Дас Кадыров Рамзана телеграмерчу шен агIонехь.

Доьзалийн мехаллех иштта йаздина Кадыров Рамзана:

– Цхьа шеко а йоцуш доьзалашна оьшучунна тIехь гIо дар йукъаралла кхиоран коьрта дакъа ду. Вайн пачхьалкхехь вайга Iалашдан делла ламасташ а, Iадаташ а. Суна хазахета, вайн Пачхьалкхан куьйгалхочо доьзалийн мехаллаш шен лерринчу тергонехь латтош хилар. Цуьнан тIедилларца пачхьалкхехь доьзалан институт Iалашйарна тIехьажийна кхочушйеш йу цхьамогIа проекташ. Суна лаьа Доьзалан шо дIадолорца вайн пачхьалкхан бахархой декъалбан. Лаьа, хIора а доьзалан ирс-аьтто хила, – билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: