Кадыров Рамзанан дIадолорца Нохчийчоьнан Парламенто кховдийна экстремизман хьокъехь йолу законан проект тIеэцна Пачхьалкхан Думехь

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан дӀадолорца Нохчийчоьнан Парламенто экстремизман хьокъехь Россин Пачхьалкхан Думе кховдийна йолу законан проект тӀеэцна. Иштта хаам бина телеграмерчу шен агӀонехь Кадыров Рамзана.

Мехк-Дас билгал ма-даккхара халкъан а, историн а, культурин а, динан а материалаш суьдо экстремизман лоруш меттигаш нислора. Иштта 2022-чу а, 20I5-чу а шерашкахь бусалбанашна чIогIа мехала йолу материалаш экстремизман лерира.

«ХIинца дуьйна дIа церан мах субъектийн тIегIанан суьдаша хадор бу. Цул сов, цу тайпа материалашна кхиэл йечу хенахь, материалийн авторш а, арахецнарш а хир бу йукъаозийна. Цо аьтто бийр бу динан тешораш ма-дарра къасто», – йаздина Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: