Соьлжа-ГIала кхиоран план йовзийтина

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь Соьлжа-ГIала кхиоран мастер-план йовзийтира.

Билгалйаьккхина мастер-план хIотторан болх дIаболийнера Нохчийн Республикин Мехк-ден Кадыров Рамзанан тIедилларца. Оцу проекта тIехь дIахьочу къинхьегаман балхахь дакъалецира ДОМ.РФ хIусамийн хьаьрма кхиоран финансийн институто.

Мастер-план йовзийтарехь дакъалецира Соьлжа-ГIалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада, ДОМ.РФ-н векалша, федеральни а, регионан а эксперташа, Стратегин кхиоран «Центр» агентствон векалша.

2035-гIа шо кхаччалц Нохчийн Республикин коьрта шахьар кхиоран планан автор «МАСТЕР’С ПЛАН» компани йу. Тоьлларш къасточу хенахь оцу компанин проекто толам баьккхира. Толамхойн плана йукъахь йу йохк-эцаран карлайаьхна туьшаш а, садаIаран майданаш а, белхан керла объекташ а.

Кадыров Хас-Мохьмада баркалла элира белхан тобанна цу тайпана маьIне проект кхолларна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: