Кадыровн фондо боксерашна: Бетербиевна а, ХатаевгIарна а ахчанца совгIаташ дина

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца боксерашна Бетербиев Артурана а, Хатаев Имамана а, Хатаев Шамалана а ахчанца совгӀаташ дина. Цул сов, Хатаев Имама  социальни зӀенехь дӀаболийна некъан бохамехь зен хиллачунна гӀоьнна ахчанаш вовшахтохаран болх сацош ахча а далийтина Кадыров Рамзана.

Спортхошна ахчанаш дӀаделира Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министран хьалхарчу заместитела Кадыров Ахьмада.

Билгалдаккха догӀу А.Бетербиевна 15 млн. сом, И.Хатаевна 7 млн. сом, Ш.Хатаевна 5 млн. сом делла хилар. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо и йерриге харжаш шена тӀелаьцна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: