Россин волейболехула йолчу чемпионатехь тIеккIал 4 толам баьккхина «Соьлжа-ГIала» клубо

Кхолламан беттан 25-28-чуй деношкахь ХӀинжагӀалахь дӀайаьхьира Лаккхарчу «Б» лигин Россин волейболехула йолчу чемпионатан 8-гӀа тур.

Иштта хаам бина Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министерствехь.

Цу ловзаршкахь дакъалецира Соьлжа-ГӀалара «Соьлжа-ГӀала» волейболан клубо. Иза шозза левзира «РСЦП» (Краснодаран край) а, «Динамо-МГТУ» (Майкоп) а клубашца. Диэ а ловзаршкахь 3:0 чоьтаца толамаш баьхна нохчийн спортхоша.

ТӀейогӀучу турехь «Тюмень-ТюмГУ» клубана дуьхьал ловзур йу «Соьлжа-ГӀала».

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: