Курчалойн районерчу «Бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексни туш» ГКУ-хь коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран белхан тобанна юкъахь ялх стаг ву. Туьшан директоран омрица оцу балхана юкъаозийна юкъараллин организацийн векалш. Белхан тобанан хьокъехь йолчу положенех, нормативни актех куьйгалла а оьцуш, планаца нийса а догIуш, болх беш бу цуьнан декъашхой. Цара хIора кхо бутт мел бели кхетошонаш дIахьо. Цигахь дийцаре до бинчу белхан жамIаш а, кхочушдан деза гIуллакхаш а.
Иштта, карарчу шарахь дIаяьхьира Курчалойн районан «Коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран» ООО-н векалша а, хIокху туьшан отделенийн куьйгалхоша а дакъа а лоцуш, леррина кхеташо. Цигахь дIахаийтира Туьшан куьйгалхой коррупци лелорна дуьхьал луьра къийсам дIабахьа лерина хилар, и санна дерг хааделча, закон талхийначуьнгара хьакъ доллу жоп доьхур долуш хилар.
ХIокху туьшахь муьлххачун а бIаьрг тIехIутту болчу меттехь стенд ю. Цигахь бовзуьйту туьшо беш болу болх, цу юкъахь коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьарехь беш болу болх а. Иштта гур йолччу меттехь дIатоьхна ю «тешамечу телефонан» номер, дехарш а, аьрзнаш а чу кхийса йина яьшка. Кхузахь леррина лелош ду бахархой тIеэцарна хьесапдаран журнал. Билгалбаьхна «тешамен телефон» тоьхча, цуьнга ладогIарна, бахархойн тIеэцарна, церан дехаршка, аьрзнашка ладогIарна жоьпалле берш. Царна тIедиллина бахархойн дехаршна жоьпаш далар, церан хьашташ кхочушдар.
Туьшахь чIагIдина бюджетан ахчанех харжаш ярна тIехь, бина тIелацамаш кхочушбарна тIехь терго латтор, пачхьалкхан закупкаш яран гIуллакх цхьа а къайле йоцуш хилийтар. Коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран гIуллакхех хьакхалуш долу нормативни дерриге а акташ чохь долу папка а йина.
Белхан тобанан кхеташонашкахь дийцаре до, коррупци лелор цахилийтарна, коррупци лелон бахьана цахилийтарна тIехьовсийна долу гIуллакхаш. Ишттачу кхеташонашкахь толлу коррупци лелорна некъ луш долу бахьанаш. Цул совнаха, белхан тобанан декъашхоша шайн тергонехь латтадо туьшан белхахошка, говзанчашка Россин а, Нохчийчоьнан а законаш кхочушдаран, пачхьалкхан долахь болчу бохамах пайдаэцаран гIуллакхаш.
– ТIейогIучу хенахь а оха иштта луьра къийсам дIахьур бу коррупцина дуьхьал, юкъаялор ю оцу зуламца къийсам латторан керла кепаш, – элира бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран Комплексни туьшан коррупцина дуьхьал къийсам д1абахьаран балхана жоьпалле волчу Юнусов Султана. Цо дийцарехь и тайпа зуламаш районехь гучудевлла дац.
ЮНУСОВА Равзан
№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо