Пайдаэца «Госуслуги» порталах

Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахула йолчу Урхаллин Байсангуровски кIоштехула йолчу миграцин отделас «Госуслуги» порталах жигара пайдаэцийтаран Iалашонца хаам а, кхайкхам а бо.

«Россин Федерацин пачхьалкхан услугийн портал/Госуслуги» – справочно-хаамийн интернет-портал (сайт) йу. Россин Федерацин терахьийн кхиоран а, зIенан а, шуьйрачу коммуникацийн а министерствос бинчу хаамца нийса а догIуш, оцу Портала тIехь дIаязбеллачу бахархойн терахь чекхдаьллачу 2023-чу шарахь 109 млн сов дара.

Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахула йолчу Урхаллин Байсхаран кIоштехула йолчу миграцин отделас хаам бо «Госуслуги» портала тIехь вахархо дIайазвелла хилчахьана (регистраци йина), Россин Федерацин вахархочун паспорт даккхийта а, хийцийта а, иштта, Россин Федерацин вахархочунна кхечу махка ваха-ван оьшуш долу арара паспорт даккхийта а, хийцийта а оьшуш долу кехаташ а, рагI а ца ларйеш, шен чуьрчу компьютера тIехь а, кисанарчу смартфона тIехь а чудала цуьнан йиш а, аьтто а хилар.Цуьнан атталла а, дикалла а, гуш ма-хиллара, паспорт хийцийтаран а, даккхийтаран а гIуллакх сиха а, атта а чекхдаларца йоьзна йу.

Пайдаэца кхузаманахьлерчу хаамийн технологех! Пайдаэца «Госуслугех»!

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: