Кадырова Хадижат НР-н Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун 1-ра заместитель — НР-н министр хIоттийна

Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель-Нохчийн Республикин министр хӀоттийна Кадырова Хадижат. Иштта хаам бина республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

— Кадырова Хадижат жигара дакъалоцуш йу Йерригроссин йаккхийчу форумашкахь а, саммиташкахь а. Цунна дика йевза чоьхьара политика, — йаздина республикин Мехк-Дас.

Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГӀаласа хаийтира, Кадырова Хадижат шен керлачу даржехь дика ларориг хиларх ша тешна хилар. Иштта цо билгалдаьккхира, Хадижата кхул хьалха шен хиллачу даржехь а баккхий кхиамаш баьхна хилар.

Билгалдаккха догӀу, 2020-чу шарахь дуьйна Кадырова Хадижата Соьлжа-ГӀалин мэрин ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькаман даржехь болх беш хилла хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: