2024-гIа шо Нохчийн Республикехь Нохчийн халкъан историн а, историн хIолламийн а, архитектурин а, культурин тIаьхьалонийн а шо дIакхайкхийна

2024-гIа шо Нохчийн Республикехь Нохчийн халкъан историн а, историн хIолламийн а, архитектурин а, культурин тIаьхьалонийн а шо аьлла дIакхайкхийна. Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана куьг йаздина цу хьокъехь долчу Указана чиллин беттан 1-чу дийнахь.

«Нохчийн Республикехь Нохчийн халкъан историн а, историн хIолламийн а, архитектурин а, культурин тIаьхьалонийн а шо дIадахьаран вовшахтохараллин комитет цхьаьнатоха. Вовшахтохараллин комитета чиллин беттан 5-гIа де тӀекхачале Нохчийн халкъан историн а, историн хIолламийн а, архитектурин а, культурин тIаьхьалонийн а шарна лерина план хIоттойеза» – иштта билгалдаьккхина Указа тIехь.

Дагадоуьйту, дIадахана 2023-гIа шо Нохчийн меттан шо хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: