Кадыров Рамзана кадам бина Лисичанскехь маьрша нах баларца доьзна

Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан халкъан а, шен а цIарах кадам бина Луганскан Халкъан Республикин бахархошка а, Республикин куьйгалхочуьнга Пасечник Леониде а украинин герзашца болчу ницкъаша теракт йарца доьзна. Шен кадамехь цо билгалдаьккхина:

«Тахана Луганскан Халкъан Республикехь украинин националисташа Лисичанскехь пурнина тIе герз тохаран хьокъехь тезет ду дIакхайкхийна.
И бохам бахьанехь маьрша 28 вахархо дIакхелхина, шайна йукъахь цхьа бер а долуш. Сайн а, дерриге а нохчийн халкъан а цIарах ас кадам бо Луганскан Халкъан Республикин Куьйгалхочьнга Пасечник Леониде а, иштта кхелхинчеран доьзалшка а, гергарчаьрга а. Лазийначарна сихха гIоле- маршалла хуьлийла лууш а ву со. Россин герзаш долчу ницкъашца цхьаьна оха тхайга далуш дерг дийр ду оцу кепара къизачу зуламхошна дан догIу таIзар дарехь» — йаздина Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: