
«Турпалхо» боламан кегийрхошка болчу коьртачу кхайкхамех цхьа кхайкхам бу – истори, культура, гIиллакхаш Iамор, дезар.
Оцу вархI шарахь дуккха а белхаш бина боламо. Царах цхьаъ – Нохчийн Республикехь а, Украинехь тIеман леррина операци дIахьош а дуьненайукъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIахьош шайн дахарш дIаделла нохчийн къоман турпалхой иэсехь латторан гурашкахь бинарг.
Иштта, дуккха а
мероприятеш дIайаьхьна тIекхуьу къона тIаьхье патриотизман а, культурин а,
ийманехь кхетош-кхиоран а дакъошкахь.
Къаьсттина билгалдаккха деза, иштта, жигара къахьоьгу
нохчийн культура, культурин тIаьхьалонаш, Iадаташ, ламасташ Iалашдарехь,
лардарехь.
Оцу хенахь «Турпалхой» боламо шен мероприятешна йукъаозийна вайн регионера дуккха а гIарабевлла политикин, йукъараллин гIуллакххой, Iилманчаш, йаздархой, кхиболу культурин а, йукъараллин а векалш.
Боламан команда бакъболчу патриотех лаьтташ йу, оцу йоццачу хенахь Iаламат дукха мероприятеш вовшах а тоьхна, дIайаьхьна цара. Социальни сеташкахь, историн турпалхойн дахарх а, гIуллакхаллех а лаьцна дуьйцуш, ворхI эзар сов пост хIоттийна, белхан декхарш кхочуш деш кхелхинчу бакъонаш ларйаран органийн белхахойн берашна лерина гIоьналлин а, регионийн тIегIанехь спортан-массин а акцеш дIайаьхьна, иштта кхоллараллин проекташ а, кхин дуккха а!
Боламо культурин дIадолорийн Президентан фондан проектийн конкурсехь грант йаьккхина, ткъа цуьнан дакъалацархой йукъараллехь сий-ларам болуш бу.
Даггара баркалла боху «Турпалхой» боламан йерриге а коллективана беркате къахьегарна. Лаьа проекто зазадоккхийла а, кхуьийла а.
Дала тIаьхье беркате йойла!