Хьанал кхочушдо бахархойн хьашташ

DSC_0145

«Коррупцина дуьхьал гIуллакх даран хьокъехь» долчу федеральни законца а, «Нохчийн Республикехь коррупцина дуьхьал гIуллакхаш даран хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законца а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун указца а, Нохчийн Республикин къинхьегаман а, нах балха нисбаран а, социальни кхиоран а министран омрица а, «Нохчийн Республикехь коррупцина дуьхьал гIуллакхаш даран хьокъехь» йолчу республикин программица нийса а догIуш, оцу документийн лехамаш кхочуш а беш Теркан районерчу «Бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран  Комплексни туш» ГКУ-хь дуккха а болх бо коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран декъехь.

Коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран Iалашонца хIокху учрежденехь леррина белхан тоба вовшахтоьхна. Коррупцина профилактика яран а, коррупцина дуьхьал гIуллакхаш дIадахьаран а план хIоттийна хIокху шарна. Цунах куьйгалла а оьцуш, цунна тIе а тийжаш дIахьош бу берриге а болх. Иштта,  кху шеран хьалхарчу декъехь белхан тобанан ши кхеташо дIаяьхьна. Цигахь дийцаре дина коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьарехь дина гIуллакхаш, даза дисинарг, тидам къаьсттина тIебахийта дезаш дерг. Цул совнаха, районан бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексни туьшан белхахойн гулам дIабаьхьна. Цигахь дийцаре дина «2014–2015-чуй шерашкахь коррупцина дуьхьал гIуллакхаш даран Къоман планан хьокъехь» долу Россин Федерацин Президентан Указ.

Нагахь санна коррупци лелийна меттиг хааелча, хаам байта кху туьшахь «тешамен телефон» йиллина. Бакъду, 2015-чу шеран дIабаьллачу ялх баттахь учрежденин белхахоша коррупци лелийна хиларан хьокъехь хаам а, арз а ца кхаьчна. И санна дерг ца хааделла белхан тобанна а.

– Социальни учрежденийн болх тобеш-карлабаккхаран некъех цхьаъ бу коррупцина дуьхьал дIахьош болу къийсам. Оцу декъехь дIахьочу белхан мехала агIо лара еза Къоман плано а, федеральни законодательствос а коррупцина дуьхьал гIуллакхаш дIадахьарехь хьалха хIиттош болу лехамаш меттигашкахь кхочушбеш хилар. Оха дерриге а до тхайн учрежденехь коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран гIуллакх хила хьакъ доллучу тIегIанехь хилийтарна, – бохура социальни хьашташ сихха кхочушдаран отделан заведующис Укаева ПетIамата. Ала дашна, и ю хIокху туьшахь коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьарна жоьпалле ерг.

Кхузахь дIахьош болу кхеторан болх бахьанехь туьшахь ца нисделла законийн норманех шайна са а, пайда а лоьхуш пайдаэцар, законаш талхор.

Р.ЮНУСОВА

№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: