
Нохчийн Республикин Меха-Да Кадыров Рамзан, шеца цхьаьна Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министр Ибрагимов Iийса а, ткъа иштта цуьнан хьалхара заместитель Кадыров Ахьмад а волуш, Соьлжа-ГIалахь йеш йолчу спортан йаккхийчу объекташкахь хилира. Цкъа хьалха уьш спортан охьатохархлатаран республикин туш йечу меттехь хилира. Цигахь дерриге а хьелаш кхуллур ду сий-лараме къийсадаларш дIадахьарна, цу йукъахь дуьненайукъара спортан гуламаш дIабахьарна, тренировкаш йарна. Туш йина йала йезаш йу хIара шо чекхдолуш.
Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан Мехк-Да а, цуьнца цхьаьна хилларш а фехтованин башха комплекс йечохь хилира. Спортан охьатохархлатаран туьшана йуххехь йу иза. Цу тайпа объект кхин йац вайн регионехь фехтованихула тайп-тайпанчу тIегIанера къийсадаларш дIадахьа а, Iаморан-тренировкаш йаран дарсаш дIадахьа а. Комплекс ши гIат долуш йу. Цо дIалоцуш йерг 6 эзар йиъкIов метр майда йу.
Иштта, Кадыров Рамзан а, министр а, цуьнан хьалхара заместитель а универсальни спортан комплекс йечу меттехь а хилира. цигахь бассейнаш а, теннисан школа а хир йу. Спорткомплексехь ши бассейн трамплина тIера чукхийсадаларна а, некадарна а лерина хир йу, ткъа цхьа бассейн берашна лерина хир йу. Цигахь дарсаш дIадаьхьна ца Iаш, бакъдолу къийсадаларш дIадахьа а аьтто хир бу. Комплексо дIалоцуш йерг 8400 йиъкIов метр меттиг йу.
Цуьнца цхьаьна теннисан школин гIишло административни а, тховкIело йолчу а дакъойх лаьтташ хир йу. Леррина чкъор долуш теннисан 8 корт хир йу школехь, царах 4 гIишлонна чохь хир йу, 4 – цIеначу хIуонехь. ГIишлошйархоша хIинцале чекхдаьккхина дечиган коьчалш дIахIиттор, иштта бина бевлла монолитан белхаш.
Спортан объекташка хьажар дерзош Кадыров Рамзан С.Билимхановн цIарахчу стадионехь хилира. Цигахь дIахьош ду малхбузе агIор трибуна йар. Цо дIалоцур йу 2500 йиъкIов метр меттиг. Керлачу трибуни тIехь 3100 стагана меттигаш хир йу. Трибунашна бухахь леррина чоьнаш кечйийр йу. Царна йукъахь хир йу прессина лерина чоьнаш а, ткъа иштта пресс-конференцеш дIайахьарна лерина зал а.