Кадырова Хадижата верасалла дийр ду коммерцин йоцучу организацешна

Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министерствехь Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалло цхьаьнакхетар дӀадаьхьира коммерцин йоцу а, кегийрхойн а организацешца.

Цигахь дакьалецира Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГӀаласа, Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу Кадырова Хадижата, Администрацин динан а, йукьараллин а организацешца зӀенаш латторан департаментан директора Абдулаев Аслана, Нохчийчоьнан физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министра Ибрагимов Ӏийсана, НР-н избиркоман председатела Байханов Ӏумара.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Нохчийн Республикехь Россин Федерацин Президентан харжамаш дIабахьар а, коммерцин йоцу а, кегийрхойн а организацийн болх а.

ГӀ.Таймасхановс шен къамелехь билгалдаьккхира харжамашкахь дакъалацар мехала хилар а, бахархой кхаьжнаш таса кхайкхарехь болх дӀабаьхьа безаш хилар а. НР-н Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо хаийтира коммерцин йоцучу организацешца тӀехь верасалла деш Кадырова Хадижат хилар а.

Йукьараллин декъашхоша Россин Президентан харжамаш дӀабахьарехь шайн агӀора оьшуш мел долу гӀо хир дуйла а хаийтира.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: