
Мухьаммад ﷺ Пайхамаран коша тIе хIоттар шен дахарехь уггаре а ирсечух цхьаъ ду аьлла Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана телеграмерчу шен агIонехь.
«Исламан сийлаллех цхьаъ долчу Масжджид ан-Набави маьждигехь нисвала сайн аьтто барна Везачу Далла хастам бо ас. Вайна, бусалбанашна адамаллин масал ду Мухьаммад ﷺ Пайхамар. Иза вайна дукха а веза. Кхузахь оха маршаллин дешнаш а элира, салаваташ а дехкира, доIанаш а дира.
ХIокху дезачу дийнахь Везачу Дала жоп лойла вайн доIанашна, гечдойла къиношна, нийсачу новкъа а дохийла вай. ХIай Дела, йалсамане ло Ахь тхан доьзалшна, доттагIашна, чIагIде Ахь тхан ийман, ларде Ахь тхо Айхьа неIалт аьллачу шайтIанех» – йаздина Кадыров Рамзана.