
Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Ден секретириатан куьйгалхочун заместитела, могашалла Iалашйаран декъан верасалла деш йолчу Кадырова Хутмата социальни зIенехь йолчу шен агIонехь.
Цо дийцарехь пачхьалкхан могашалла Iалашйаран хьукматашца цхьаьна республикехь болх беш кхобIе гергга долахь йолу клиника а йу.
«Цара дечу медицинин гIоьнан дикалла ас йийцаре йира сайн белхан накъосташца. Церан балхахь долу кхачамбацарш гучудаха деза. Лазархойн бакъонаш ларйар вайн белхан цхьа дакъа ду. Ас царна йеш къаьсттина терго а йу», – йаздина Кадырова Хутмата.
Лазархойн бакъонаш ца ларйинчу муьлххачу а совдегарна законаца догIуш долу таIзар дийриг хилар а хаийтира цо.
«Лараме белхан накъостий, Медицинин клиникийн куьйгалхой! Ас лору шун къинхьегам! Аш а лара шайн лазархой!» — аьлла Кадырова Хутмата.