
Соьлжа-ГIалин Бойсхаран кIоштахь бIаьрса доцучарна а, иза ледара долучарна а лерина хьуьжар йийр йу. Иштта хаам бира Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграмерчу шен каналехь.
Мероприятехь дакъалецира Нохчийн Республикин Мехк-Ден хьехамчас, Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, Соьлжа-ГIалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада а, иштта кхечу официальни наха а.
Керлачу хьуьжарехь 60 стагана деша меттиг хир йу Царна лерина дерриге а хьелаш долу чоьнаш а хир йолуш йу. Хьуьжар хьалайийр йу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу йукъаралин фондан чоьтах. Цул сов хьехархой а, дешархой а дIасабигарна лерина фондо жима автобус а эцна хьуьжарна.
Кадыров Рамзана баркалла элира шен хьомечу нанна, йукъараллин фондан Президентана Кадырова Айманина хьуьжар фондан чоьтах йан сацам барна, иштта, цо баркаллин дешнаш элира Межиев Салахь-Хьаьжина а, бIаьрса доцучарна а, иза ледара долучарна а Сийлахь Къуръан Iамо аьтто бийр болчу жоьпаллечарна а.