
Гуьмсан кIоштан Ойсхара гIалахь керла маьждиг схьадиллина. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграмерчу шен каналехь.
Маьждиг лерина ду 3000 стагана. Динан керла объект пачхьалкхан Думин депутатан Делимханов Адаман ненан Делимханова Мареман цIарах хир йу. Циггахь схьайиллира вевзаш волчу эвлийаан, Сесанара Шайхан Ташу-Хьаьжин цIарах хьафизийн школа а.
Динан объекташ схьайелларехь дакъалецира Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана а, Къилбаседа Кавказан федеральни округан республикийн Iеламнехан кхеташонан председатела Кадыров Хожа-Ахьмада а, республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, пачхьалкхан а, йукъараллин а, динан а гIуллакххоша а. Ламасте дирзина ма-хиллара, мероприяти дIайолийра Сийлахь Къуръан дешарца.
Билгалдоккху, динан объекташ йаран харжаш Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу йукъаралин фондо шена тIелаьцна хилла хилар. Кадыров Рамзана декъалбира Ойсхаран бахархой оцу хиламца.