
ХIокху шеран чиллин беттан 16–19-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIахьур йу «Хьалхарчийн техноспорт» спортан фестиваль. Уьш махкахь, технологични спортан эстафетин билгалонашца йолчу спортан кепашкахула мультиспортивни хьуьнарш къовсаран барамехь дIахьур долу, дуьххьарлера командийн къийсадаларш ду. Иза вовшахтоьхна Россин Федерацин Правительствос а, Нохчийн Республикин Правительствос а, Россин «Знание» йукъаралло а.
Фестиваль дIахьур йу «Россин Федерацин гражданаш патриотически кхиоран» федеральни проектан гурашкахь. 18 шарера 25 шо кхаччалц болчу спортхоша 5 къовсадаларехь дакъалоцур ду: лазеран латар, ГТО-н хьуьнарш къовсар, дуьхьалонех чекхвуьйлуш вадар, спортан программа хIоттор, дронаш хахкар.
Оцу фестивалехь дакъалаца луучарна оьшуш болу берриге а хаамаш Йерригроссин берийн а, кегийрхойн а «Хьалхарчийн болам» йукъараллин сайта тIехь бу.
1611:09Leave a comment