
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тIедилларца хIусам йаьгначу ДомбаевгIеран доьзална цIено хьаладийр ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу йукъараллин фондан чоьтах.
Сатосуш Iуьйрана цIе йелира Чечанахь бехаш болчу ДомбаевгIеран хIусамехь. Чевнаш хилира деа адмана, царах шиъ бер дара. Карарчу хенахь уьш больницехь бу.
Царна беанчу бохамах дерг шена хиъча Кадыров Рамзана тIедиллира оцу доьзална керла хIусам йар. Бохам хиллачу меттехь хилира Устрада-ГIалин мэр Масаев Илес. Цо хаам бира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу йукъараллин фондан чоьтах царна хIусам йаран болх сихха дIаболорг хилар.