Лулахой болчохь

Россин Президентан В.Путинан декъалдар

Нальчик. ГIебартойн-Балкхарерчу Заюково юьртан яхархочуьнга Шаова Нанига боккха кхаъ кхечира хIокху деношкахь. Шен 125 шо кхачарца иза декъалйира Россин Президента Путин Владимир Владимировича. Декъалдаран кехат цуьнга дIаделира Заюково юьртан администрацехь даздаран хьолехь.

1

Нана оцу юьртахь 1890-чу шарахь йина. Дерриге а дахар колхозехь болх барна дIаделла. Кхиийна пхи бер. Тахана цуьнан берийн 14 бер а, берийн берийн 21 бер а ду.

Юьртахь дукха бехаш болчу бахархойх ша цхьаъ хилла ца Iа Шаова. Иза билгал ю къаной алссам хиларца. Оццу деношкахь В.В.Путинера декъалдаран кехаташ даьхкира юьртан 95 шо кхаьчначу кхин а веа вахархочуьнга.

«Биоком» эцна Индин компанис

Ставропольски край. Махкахь молханаш дохкарехь кхоалгIачу меттехь лаьтташ йолчу Индин фармацевтикин Lupin Ltd компанис дIахьедина молханийн гIирсаш кечбеш йолчу «Биоком» цхьаьнакхетараллин 100 процент акцеш ша эцна хиларан хьокъехь.

Кху шеран февралехь ша цигахь хиллачу хенахь крайн правительствон председателан заместитела–экономика кхиоран министра Мурга Андрейс Индин махлелоран-промышленни палатин ассоциацехь йовзийтира шаьш долчохь инвестицеш юкъаяхка йолу таронаш. Цул тIаьхьа дукха хан ялале компанис хаийтира Ставрополаца цхьаьна гIуллакхаш дан ша лаам болуш хилар. Цуьнан векалша йовзийтира кхузахь фармацевтикин производство дIайоло а, «Биокоман» ерриге а пакет эца а  шаьш ойла йолуш хилар. Бовзийтира барамаш а: акцеш эцарца цхьаьна Россин фармацевтикин рынкехь шарахь 765 миллиард соьман барамехь молханаш дохка.

1968-чу шарахь дуьйна гIуллакх деш йолчу компанин продукци дуьненан 100 сов махкахь юхкуш ю. ДоггIучуьра, дIадаханчу шарахь цунна тIебеана 393 миллион долларан барамехь цIенна пайда.

Профсоюзаша билгалдаьккхира шайн де

Владикавказ. Къилбаседа ХIирийчоьнан профсоюзаш кхоьллина 98 шо кхаьчна. Иза билгалдаьккхира Вахтанговн цIарахчу оьрсийн театрехь. Цигахь дакъалоцуш бара меттигера кхочушдаран органийн векалш, парламентан депутаташ, юкъараллин организацийн куьйгалхой, социальни белхахой, профсоюзийн ветеранаш.

2

Билгалдаккха догIу регионан профсоюзийн могIаршкахь лаьтташ 107 эзар декъашхо хилар. Доккха маьIна леладо цара юкъараллин дахарехь, хаддаза гIаролехь лаьтташ бу адамийн хьашташна.

Цхьаьнакхетар дIахьочу хенахь шайн дикачу гIуллакхашца билгалбевллачу профсоюзийн цхьамогIа жигархошна меттигерчу Iедалан цIарах мехала совгIаташ дира.

 

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: