
«Пачхьалкхан органийн а, меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн а гIуллакхаллин хьокъехь болчу хаамашна тIекхачарна кхачойаран хьокъехь» долчу 2009-чу шеран чиллин беттан 9-чу дийнахьлерчу №8-чу ФЗ йолчу Федеральни законан хьелаш кхочушдарехула йолчу Россин Федерацин субъектийн рейтингехь Нохчийн Республикин хьал тодаран Iалашонца Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос вовшашхтоьхна «ВКонтакте» социальни зIенехь хьесапе эцначу Нохчийн Республикин министерствошна а, ведомствошна а йукъахь госпабликийн хIора кIиранан рейтинг дIайазъаран болх.
Рейтингехь долу хьал тодархьама администраторша дика лело йеза госпабликийн агIо, зорбатоха деза мехала а, маьIне а долу керланаш, пайдаоьцучеран хаттаршна а, комментарешна а жоьпаш дала деза, аьлча а, социальни зIенехь пачхьалкхан учрежденийн агIо кхачам боллуш лело йеза.