
Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан Соьлжа-ГIалин мэраца Кадыров Хас-Мохьмадца а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министраца Дудаев Ахьмадца а цхьаьна хьаьжира гIалин йуккъерчу декъехь дIахьош болчу гIишлошйаран белхашка. Цигахь дIахьош ду йаккхий гIишлошйар. Иза чекхдаьлча, цигахь керла кIошт хир йу. Россин Президентан Путин Владимиран сийнна цуьнан цIе туьллур йу цунна.
КIошто дIалоцур йу 200 гектар сов меттиг. Дукха петарш йолу 130 цIа а, царна чохь 2 миллион йиъкIов метр хIусамаш хилла ца Iаш, цигахь маьждиг а, берийн бошмаш а, социальни инфраструктурин кхийолу объекташ а хир йу.
Соьлжа-ГIалин мэра дийцарехь, карарчу хенахь белхалоша жигарчу боларшца кхочушдеш ду гIишлошйаран хьалхарчу муьран гIуллакхаш. Уьш чекхдевлча, цигахь 70 эзар стагана хIусамаш хир йу. Йеш йолчу хIусамех хIинцале 40 процент дIаэцна.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден тIедилларца петарш дIайухкуш йу, исламан бехкамашца нийса а догIуш, ахча тIаьхьа дIалург. Уьш оьцуш болчарна цо таро ло проценташ йахарх хьалхабовла. ГIалахошна аьттонна коьртачу некъашца машенашна дIасахьовзийлаш йийр йу. И болх а герггарчу хенахь дIаболор болуш бу. Билгалбаьхна берриге а белхаш чекхбевллачул тIаьхьа Путин Владимиран цIарах йолу кIошт Соьлжа-ГIалин уггаре а аьхна, сий-лараме, исбаьхьа дакъа хилла дIахIотта дезаш ду.
«Билггал Путин Владимир бахьана долуш, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъан цо массо агIор гIолацар бахьана долуш, вайн таро хилла Нохчийн Республика денйан, цуьнан бахархойн аьтто барна, царна токхо кхолларна кхачойан. Соьлжа-ГIалин керлачу кIоштана Путин Владимиран сийнна цуьнан цIе тилла сацам бина нохчийн халкъо цуьнан боккха сий-ларам беш хилар гайтархьама а, цуьнан цIе иэсехь йисийтархьама а», – элира Кадыров Рамзана.