Р.Кадыров а, Д.Медведев а цхьаьнакхийтира нуьцкъаллийн подразделенийн куьйгалхошца

Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан Россин Федерацин кхерамзаллин Советан председателан заместительца Медведев Дмитрийца цхьаьна цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин нуьцкъаллин подразделенийн куьйгалхошца а, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а турпалхошца а, тIеман лерринчу операцин дакъалацархошца а.

Цара дийцаре дира тIеман лерринчу операцин хьокъехь дерг. Д.Медведевс баркалла элира бIаьхошна церан доьналлина а, турпалаллина а. Цо билгалдаьккхира Нохчийн Республико тIеман леррина операци дIайахьарна йукъа доккха дакъа дуьллуш хилар.
Иштта цо билгалдаьккхира Нохчийн Республика – Россин уггаре а патриотизм йолчу регионех цхьаъ хилар. Цул сов, вайн республикин дуккха а турпалхой хилла хилар. Царах ву Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, иштта шайн дахарш дIаделла болу эзарнашкахь цуьнан накъостий а.

Оцу кхеташонехь доклад йира Нохчийн Республикин Парламентан председатела, тIеман леррина операци дIайахьарехула йолчу Оперативни штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада. Цо билгалдаьккхира, тIеман леррина операци дIайолайелчхьана дуьйна цигахь 38 эзар гергга бIаьхочо дакъалаьцна хилар, царах 16 эзар шайн лаамехь верг а волуш. Кхоьллина 4 полк а, 5 батальон а. Вайн бIаьхошна уггаре а доккха гIо деш схьайогIуш йу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу йукъараллин фонд.

ТIеман леррина операци дIахьочу муьрехь царна эцна леррина йолу 1500 машен, иштта 4400 квадрокоптер, зIенан 30 эзар гIирс, иштта дуккха а кхийерг а. Цул сов, паргIатйаьхначу меттигийн бахархошна дIакхачийна 26 эзар тонна гергга сагIа а. Цхьаьнакхетар дерзош Медведев Дмитрийс баркалла элира дIабаьхьначу балхана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: