Кадырова Iайшатан а, Хадижатан а дIадолорца Кадыровн фондера 100 000 сом ахчанаш лур ду нохчийн меттан хьехархошна

Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместителан Кадырова Ӏайшатан а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден а Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместителан Кадырова Хадижатан а дӀадолорца Кадыровн цӀарахчу йукъараллин фондера республикин 1644 хьехархочунна 100 000 сом ахчанаш лур ду. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграмерчу шен агӀонехь.

Иза билгалдаьлла Кадыров Рамзана дӀайаьхьначу шуьйрачу кхеташонехь. Цигахь иштта дийцаре дина Нохчийн Республикин историн а, историн хӀолламийн а, архитектурин а, культурин тӀаьхьалонийн а шо дӀадахьаран гӀуллакхаш.

Мехк-Дас дийцарехь нохчийн мотт хьоьхуш мел волу хьехархочунна ахчанаш а, республикин лаккхара совгӀаташ а дала сацам хилла.

«Ас хазахетарца тӀеийцира Кадырова Ӏайшата а, Хадижата а дӀадолийна гӀуллакх. Цу хьокъехь белхаш дӀабахьар ас тӀедиллина Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министрана Дааев Хож-Баудина» — йаздина Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: