«МАКС-М» компанин векалшца – кхеташо

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Ахмадов Шаида кхеташо д1аяьхьира Нохчийн Республикин ТФОМС а, «МАКС–М» а страховой компанийн векалшца.

Цигахь дийцаре дира Нохчийн Республикин бахархошна (баккхийчарна а, берашна а) диспансеризаци яран декъехь нислуш долу хIуманаш, ткъа иштта медицинин организацешца боьзна болу нах чоьте эцаран гIуллакх а.

Россин пачхьалкхан куьйгалло йоккха терго йо хIора шарахь диспансеризаци яран медицинин программа кхочушъяран гIуллакхан. Диспансеризаци яро бахархошна  хила тарлучу цамгарх дерг хьалхе гучудоккху, ун даржарна а некъаш доьхку.

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон куьйгалло тIедожийна Аргун гIалахь а, ярташкахь а медицинин организацеша бечу балхана тIехь долу Iуналла чIагIдар. Диспансеризаци ярехь тIаьхьабуьсучарна тIехIиттийна нах хир бу шайн хIоттийна белхан план, низам долуш.

 

З.ХИЗИРОВА

№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: