Кадырова Iайшатан дIадолорца Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондо йаздархошна ахчанца совгIаташ дийр ду

Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан шеца цхьаьна Нохчийчоьнан Правительствон председателан заместитель Кадырова Ӏайшат а йолуш Нохчийн Республикин музей тойечохь хилира.

Цигахь цунна бовзийтира Нохчийн Республикийн йаздархойн союзан болх а. Йаздархойн союзан председатела Ельсаев Ӏаламахьада дийцарехь йаздархоша кеста Бенойн Бойсхарах лаьцна роман арахоьцур йу. Ткъа иштта белхаш бу дӀахьош Кишин Кунта-Хьаьжех а, Бенойн Илесах а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентах, Россин Турпалхочух Кадыров Ахьмад-Хьаьжах а лаьцна поэма йазйарна тӀехь а. Цул сов, йаздархой къахьоьгуш бу нохчийн меттан дошам вовшахтохарна тӀехь а.

«Сацам хилира нохчийн меттан хьехархошна санна, Нохчийн Республикин йаздархойн союзан декъашхошна ахчанца совгӀаташ дан. И дагадеанарг Кадырова Ӏайшат йу. Иштта ас тӀедиллира Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочунна Таймасханов ГӀаласна историкашна массо а агӀор гӀо дар» — билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: