
Белхан гIуллакхца Москва вахана волчу Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана цхьаьнакхетар дIадаьхьна РФ-н Правительствон Председателан заместительца – Россин промышленностан а, махлелоран а министраца Мантуров Денисаца. Иштта хаам бина Кадыров Рамзана телеграмерчу шен агIонехь.
Цигахь цара дийцаре дина цхьамогIа мехала гIуллакхаш.
«Инвестицеш йукъайалорехь аьтто бийр болу азотни удобренеш йаран завод йиллар дийцира охашимма. Регионан промышленность кхиорехь йоккха меттиг дIа а лоцуш, 500 белхан меттиг кхуллур йу оцу проекто. Оцу гIуллакхна накъосталла дийр ду Д.Мантуровс», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
⠀
Иштта, Нохчийн «Чаборз М-3» баггина Россин Федерацин Обронин министерствон хьашташна модернизаци йарах лаьцна а, Нохчийн Республикехь электорнни промышленностан декъехь хьалхара технопарк йарх а, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан буха тIехь инжинирингови туш кхолларх лаьцна а дийцина.