Хьаьждан хала а ца хиллера, уллехь тIах-аьлла накъост, бусалба дика ваша, тобана хьалхаваьлла куьйгалхо дика, каде хьаьвзаш хилча. Мел хала дац гIиллакхе, оьзда хила, шен дагтIера хьагI-гамо дIа а яьккхина, нахаца кІеда-мерза хила.
Вуон хила ду хала, гIиллакх доцуш ваха а.
ХIора адаман мах цуьнан гIиллакхца, леларца, хабарца хадош бу наха.
ГІиллакх-оьздангалла даима а цхьаьна ду. Хьайна дуьххьара гина адам а дезалой, дагна гергара хуьлий дІахІутту хьуна, цуьнгахь гІиллакх-оьздангалла хилахь.
Ишттачех цхьаъ ву, дукха хан йоццуш тхо ХьаьжцIа дахача, тхан Iуналла дина волу Итум-Кхаьллара Чакаев Анзор. Кеманца 4-чу рейсаца дахара тхо СаІудийн Іаьрбичу. Анзора дукха доккхачу собарца, хазачу маттаца массо а хIуманах кхетош, цхьа хаза бертахь дIакхечира хьаьжой сийлахьчу Макка. Некъаца эшна ца Iаш, цига дIакхаьчча къаьсттина чIогIа оьшуш хиллера гIо-накъосталла. Тхо дIакхаьчначу буьйсанна: – «Дийнахь адам тIех дукха долуш, лела хала хуьлу, Iумрат деш адам буьйсанна кIезиг хуьлу. Тховссехь дахана Iумрат дийр ду вай», – аьлла, тхан тобане Iумрат дайтира Анзора.
Iумрат дан доладалале дан дезарг дуьйцуш хьехарш дира цо: – «Суна тIаьхьара дIа ма хада, вовшех ца къаста хьовса. Кхузахь тилавелларг лаха а, каро а хала хуьлу», – аьлла, оццул дукха долчу тхан чIогIа доладира цо.
Нахачул а, айса цунна ницкъ алссам бина аьлла хета суна. Сан хаттарш алссам хуьлура цуьнга. ХIора хаттарна кхачам боллуш жоп лора.
Цо дечу гIуллакхел цуьрриг кIезиг ца хийтира, цуьнан хIусамнанас Дагмана шена тIелаьцна гIуллакх а. Дагман лор хиллера. Тхан 4-чу рейсан лорйишин болх цунна тIебиллина хиллера. И декхар цо юьхькIам боллуш чекх а даьккхира.
Йовхоно ницкъ бора тхуна. ТIаккха ша лор хиларе терра, цо дийцира йовхонах муха ларвала веза. Оьшучохь молханца гIо дора. Тхо хьешацIа чу кхаьчча а, дийнахь хилла ницкъ ца ловш верг а нислой, давлени юстуш, молхан буьртиг луш, Іуналла дора тхан. Шен «аптечка» а оьций, хьоьгара хьал-де муха ду хьажа, йолалора иза. Дела реза хуьлда хьуна, Дагман, Дала хьаьж къобалдойла хьан.
Тхан тобанан кхин а цхьа аьтто хилира, Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин председателан муфтин гIоьнча Межиев Салахьца нисделла. Цо, шега хаьттинчунна жоп делла ца Iаш, кест-кеста бусалба динах лаьцна кIорггера маьІна долу хьехамаш бора.
Маккахь хьаьждар чекхдаьлча тхо Мединатерчу зияраташка дигира. Мединатехь уггаре а хьалха вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ровзате дахара. ДуьнентIехь уггаре доккха маьждиг – вайн дериге а бусалба уммат тIедоьрзий ламаз деш долу – Маккара маьждиг дIадаьлча, шолгIа доккха маьждиг Мединатера Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) маьждиг ду аьлла, кхетийра тхо Салахьа.
Оцу зияраташка кхаьчча оха дан дезарг хьийхира. Цул тIаьхьа, Анзора леррина тхуна автобус а лаьцна, вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дин доккхуш, тIемаш бина меттигаш. Хьамзат (Дела реза хуьлда цунна) дIакхелхина меттиг а гайтира.
Оцу хIора меттехь Салахьа адам дика кхетош къамел дора. Царна юкъахь къаьсттина адамийн бIаьргех хи доккхуш дара Хьамзатана (Дела реза хуьлда цунна) тешнабехк барх лаьцна а, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIаьххьара рузба дайтарх лаьцна а къамел.
Иштта оцу шинна накъосталла деш вара Валид цIе йолу стаг а. Дела реза хуьлда царна массарна а. Дала хьаьж къобалдойла церан а, цига кхаьчначу хIора бусалба йиша-вешин а.
Шен хьаьждаран фарзаш кхочуш хиларх дерг цхьа АллахI воцчунна (С.Т.) цхьанна а хуур дац. Делахь а, ша хьаьж дина ваьллачул тIаьхьа а, оццул тамашийна, сийлахь-хазачу меттехь ша велахь а, цигахь йоккхург дукха хан яцахь а, шен Даймахка, шен цIа сатосуш хилла-кх адамо… Кхузахь, вайн баккхийчара олуш хилла, хIара дешнаш дало лаьа суна:
Даймохк, цхьа а хIума дуй те хьол довха?
Ахь тхуна латточу меттал ховха,
Хьан кийрара дуьнентIе тхо девлла,
Цундела бу хьо тхуна, сел аьхна, бовха.
ЧАНЧАЕВ Шамсудди,
Хьалха-МартантІера вахархо