РФ-н Президентан харжамашна лерина НР-н халкъан гулам дIахьур бу Соьлжа-ГIалахь

Бекарг беттан 2-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь дӀахьур болчу Нохчийн Республикин халкъан гуламехь дакъалоцур ду тайп-тайпанчу мехкашкарчу векалша: Казахстанера, Германера, Гlиргlизойчуьра, Урдунера, Шемара, Францера.

РогӀера гулам Россин Федерацин Президентан харжамашна лерина хир бу.

Иштта оцу гуламехь дакъалоцур ду Россин Федерацин регионашкарчу нохчийн диаспорша, республикехь дехачу къаьмнийн а, конфессийн а векалша.

Дагадоуьйту, 2023-чу шарахь дӀабаьхьначу гуламехь дуьненан 23 пачхьалкхера 4 000 сов стага дакъалаьцна хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: