
РФ-н Президента Путин Владимира шен Указаца Россин ФСИН-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин хьаькаман даржехь чIагIвина Адаев Ахьмад. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана телеграмерчу шен агIонехь.
«Со тешна ву цо шена тIедехкина декхарш кхочушдийриг хиларх. Адаев Ахьмада ша зеделларг долу говзанча а, дика куьйгалхо а санна гайтина хIинццалц схьа долчу шен белхан декъехь. Иза шен белханакъосташа а, белхахоша а, куьйгалло а лоруш ву», – йаздина Кадыров Рамзана.112:08