Вайн республикин векалш – Белоруссехь

Беларус12

Кху деношкахь Белоруссехь хилира Нохчийчоьнан Iедалан  векалш. Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Хакимов Хьасана хаам ма-барра, шеран «товарооборот» цхьа бIе миллион долларе кхаччалц алсамъяккха Iалашо ю Нохчийчоьнан а, Белоруссин а. Хь.Хакимовца цхьаьна Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министр Хучиев Муслим, иштта промышленностан, энергетикин а, юьртан бахаман а министерствийн векалш а хилира Белоруссин пачхьенехь Минскехь. Кхул хьалха нохчийн делегаци  цу тайпа белхан гIуллакхца хилла яцара цигахь.

«ХIинцачул тIаьхьа вовшашна пайдехь йолу юкъаметтигаш хир  ю вайн Минскаца. Кху тIегIанехь долу гIуллакх дохьуш дуьххьара даьхкина тхо кхуза. Тахана Белоруссин Министрийн Советехь а, промышленностан министерствехь а цхьаьнакхетар хилира. Иштта, «Белнефтехим» концерне а, «Ждановичи» агрокомбинате а, лаккхарчу тIегIанехь йолу спецтехника арахоьцучу «Амкодор» холдинге а, технологин эчиган гIирсийн заводе а кхечира тхо», – элира  Хь.Хакимовс шаьш Белоруссе дахарх лаьцна дуьйцуш.

Беларус

Билгалдаккха деза, карарчу хенахь а Белоруссехь еш йолу продукци Нохчийчу кхочуш хилар. Масала, машенан чIургаш, БОПП-пардо, иштта некъийн-гIишлошъяран, коммунальни, юьртабахаман («Амкодор» холдингера) техника а йохьу вай долчу. «Амкодор» предприяти шаьш вайн республике хьажош йолу юьртабахаман техника кхин а алсамъяккха дагахь ю. Цул сов, даьхнилелорехь а, хIушлелорехь а цхьаьнакъахьоьгур ду вайн республико  а, оцу  пачхьалкхо а. Белоруссехь юьртан бахаман дакъошкахь лаккхара гайтамаш бу, цундела вайна пайдехь хир ду царна зеделлачух пайдаэцар.

Хакимов Хьасана билгалдаьккхира кхидIа цхьаьнагIуллакхашдаран Iалашонца белхан тобанаш вовшахтухург хилар. Цу юкъаозийначу говзанчаша дан дезачух коьрта хIун ду а, цу гIуллакхана муьлха некъаш лело деза а къастор ду. ХIинцале а оцу тобанашна хьалха хIитто лерина дукха Iалашонаш ю, хIунда аьлча, юьртан бахам, промышленность, нефтехимин дакъа  кхиор Нохчийн Республикина вуно мехала хIума ду.

Белоруссин премьер-министран заместитела Русый Михаила билгалдаьккхира нохчийн бизнесна гIо дан шаьш кийча хилар а, вайн республикашна юкъара уьйраш шоръян, чIагIъян езаш хилар а.

 

А.ХАСБУЛАТОВА

№ 78, шинара, 14 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: